Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вочу стеган Іожалла тІеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тІера дІа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара. Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тІевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш». Оцу дерригене а ладоьгІча, церан дуьхьал ала хІумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тІеберза, Шеца дахар хилийта». И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хІинца дІадовзийтархьама.
Выбор основного перевода