Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хІума юуш хІунда Іа?» Левис шен цІахь Іийсана доккха той хІоттийра. Дукха адам дара цигахь. Ял йоккхуш берш а, кхин нах а бара цаьрца хІума юуш. Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву“, – олура. И гина, Іийса хьошалгІа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Іуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».
Выбор основного перевода