Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“». Ткъа шу хІетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагІатта, вижина Іуьллург, беллачарна юкъара денло, тІаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо $серлавоккхур ву». Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина. Ткъа шен дегІана там лоьху йисина зуда, дийна йоллушехь, елла ю. «Сардис-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхІ Са а, ворхІ седа а Болчо: „Девза Суна шун гІуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цІераш лелайо, амма шу делла ду.
Выбор основного перевода