Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цо элира: «ГІалахь Іаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гІой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тІекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хІусамехь даздийр ду’“». Ткъа Іийсас элира: «Нана, Суна тІе хІунда дуьллу ахьа и гІуллакх? Сан хан хІинца а тІееана яц». Шу гІо шайна и деза де даздан. Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига». Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера. Иштта къамел деш вара Іийса Делан цІийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІекхаьчна яцара.
Выбор основного перевода