Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Хьекъалалла долчу стеган дош, кІоргачу хи чуьра санна, схьадолу, цу дешан бух хьекъалаллин татол чуьра хьалаболуш бу. КІелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца». Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Цул тІаьхьа цо со Делан цІенна чуволийла йолчу улло юхавалийра. Цигахь суна гира неІсагІина бухара арадолу хи. Иза малхбалехьа дІадоьдуш дара, хІунда аьлча Делан цІа малхбалехьа дІадирзина лаьтташ дара, ткъа хи цуьнан аьтту агІор йолчу агІонна кІелара арадолуш дара, сагІа доккхучу кхерчан къилбехьа йолчу агІонгара. Цу хин шинна а йистехула хьаладовлуш шайна тІе стом латош долу тайп-тайпана дитташ хир ду. Царна тІера гІаш цкъа а маргІал а доьр дац. Царна тІера стом кхачалур бац, хІора баттахь керланиг а латош, лаьттар бу, хІунда аьлча царна тІекхочуш долу хи езачу меттигера схьадолуш ду. Цу дитташна тІера стоьмаш кхачанна хир бу, ткъа гІаш дарбанна лелор ду». «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а.
Выбор основного перевода