Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дечиган пхьеран кІант вац Иза? Цуьнан ненан цІе Марем яц? Ткъа вежарийн цІераш Якъуб, Юша, ШамІа, ЯхІуд бохуш яц? Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхІудан а, ШамІин а ваша а волуш, Мареман кІант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Массо а, ХІара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кІант ма ву Иза?» – бохуш. Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогІур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» – олура. Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХІара-м мичара ву а ца хаьа тхуна».
Выбор основного перевода