Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Халкъана тІе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тІедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». ХІунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула деана ду. Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира». Ткъа хІинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хІун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа. Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тІера Іамийна дела, дика долчух а кхета хьо. БІаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо. Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хІунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дІахІоьттира. Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Іамавой те? ХІума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа? Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦІуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цІенош чохь айхьа къола дой те? Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогІург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа? Яздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха». Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву. Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тІедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа? Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг? ТІехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тІера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу. Бакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.
Выбор основного перевода