Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. Іийсас жоп делира: «Шу тилла, хІунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна. Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Іожаллин багара а ваьккхина. Іожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агІор ву, со воха ца вохийта. Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегІ а ду сатуьйсийлах дуьзна. ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“. Вежарий, аса билггала бакъдерг дІахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дІа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. Иза пайхамар вара. Дала цунна чІагІо йинера, цуьнан тІаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегІана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна. Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира.
Выбор основного перевода