Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду. Иштта шу а хІинца гІайгІане ду, амма Суна юха гур ду шу, тІаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дІадоккхур дац шуьгара. Ткъа тІемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Іийсан агІонах, пІендаршна юккъе. Цу сохьта цІий а, хи а охьадахара. ТІаьхьа оцу мурдаша ТІамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТІамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тІехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агІонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хІуъа хилча а, тешар вац со». ТІаккха ТІамига Іийсас элира: «Хьайн пІелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агІонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».
Выбор основного перевода