Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама». И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа. Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра. Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву». Аса хІара яздина шуьга, Делан КІантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дІахаийтархьама. Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
Выбор основного перевода