Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Эццахь чІогІа мохк бегийра, хІунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІа а карчийна, цунна тІе охьахиира. Цуьнан амат, стелахаьштиг санна, къегара, тІера бедарш, ло санна, кІайн яра. ТІаккха малик зударшка дистхилира: «Шу кхера ма ло. Суна хаьа, аша жІарах дІатоьхна хилла Іийса лоьхий. Уьш къубба чу бевлча, аьтту агІор хиъна, кІайн духар а долуш, кІант гира царна. Уьш чІогІа Іадийнера. Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хІоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг.
Выбор основного перевода