Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Иза аьллачуьнга Іийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?» «Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» Цунна дуьхьал Іийсас элира цаьрга: «Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю. Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера. Иштта къамел деш вара Іийса Делан цІийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІекхаьчна яцара. ТІаккха Іийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хІара хир ву хьан кІант».
Выбор основного перевода