Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Кипа а, цуьнан накъостий а чІогІа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Іийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. Иштта, Ша ЯхІуд-махкара Галилай-махка веача, шолгІа а тамашийначу гІуллакхийн билгало гайтира Іийсас. Іийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?» Иштта аьллера ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, шена Іийсан сийлалла гича. Иза Іийсах лаьцна аьллера цо. Кхин дуккха а тамашийна гІуллакхаш дира Іийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тІехь яздина а доцу.
Выбор основного перевода