Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархІалгІачу а дийнахь са а доІуш. Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гІаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхІ дийнахь самукъадаккха. ХІора шарахь ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду. ВорхІалгІачу баттахь дазде и деза денош. Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза. Шун тІаьхьенашна хуур ду тІаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кІелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“». Иза цу гІуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тІе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агІор лаьтташ Матит-ЯхІу а, ШемаІ а, Іани-ЯхІу а, УръяхІу а, Хьалкхи-ЯхІу а, МаІсей-ЯхІу а вара, ткъа аьрру агІор лаьтташ Пади-ЯхІу а, Мишаал а, Малки-ЯхІу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхІу а, Машулим а вара. Іезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Іезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагІаьттира. Іезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тІаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Везачу Элана Іибадат дора цара. Адамаш юха хьалагІевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаІ, Бани, Шараб-ЯхІу, Ямин, Іакхуби, Шабитай, ХІуди-ЯхІу, МаІсей-ЯхІу, Кхилати, Іазар-ЯхІу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхІу. Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тІехь болчу тептар тІера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора, адамаш шайна дІадешначух кхоьтуьйтуш. Цул тІаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхІус а, динан да а, Іелам стаг а волчу Іезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дІакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хІунда аьлча товрат-хьехамашка ладугІучу хенахь адам доьлхуш дара. Нахьми-ЯхІус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хІума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хІума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дІакъастийна долу де ду. ГІайгІане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чІагІдийр ду шу!» Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДІате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГІайгІане ма хила». Массо а халкъ шайн цІеношка дІадахара хІума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чІогІа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела. ШолгІачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Іелам стаг волу Іезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Іаморхьама. Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хІара карийра: шеран ворхІалгІачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Іан дезара. Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гІаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гІой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гІаш долуш долчу диттийн а, ІиндагІ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, кхалораш ян а еза». Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тІехь а, шайн уьйтІахь а, Делан цІийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Іийра. Нунин кІант ЮшаІ ваьхначу хенахь дуьйна хІара денош тІе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чІогІа сакъераделла вара. Іезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тІаьххьара де тІекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшура царна. ВорхІ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхІалгІачу дийнахь, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дІахІоьттинчу гуламе. Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КІелхьардохург а вац. ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте. Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гІерта. Со воцург, шу кІелхьардохург кхин цхьа а ма вац.
Выбор основного перевода