Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхІудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гІала а ма гІо, Байт-Аван-гІала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас!“ ГалІад – Іесачийн гІала ма ю. Цунна чохь йолу лараш цІийх юьзна ма ю. Везачу Эло боху: «Цара мел деш долу зулам Галгал-гІалахь долийнера. Суна циггахь ца дезаделира и халкъ. Цуьнан зуламе гІуллакхаш бахьана долуш, Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду. Суна иза кхин дезар дац. Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу. Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогІ-рогІехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цІушна сагІа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хІиттийна тІулгаш а алссам хаздора цо. Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггІург хІинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагІа доккху меттигаш а хІаллакйийр ю, церан цІушна дІахІиттийна тІулгаш а дохор ду.
Выбор основного перевода