Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Нийса ца узу терза Везачу Элана ца деза, ткъа нийса узуш долу терза Цунна тамехь ду. иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дІабовр бу, вайна ялта дІадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дІадер ду, вайга чІоьнаш дІаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама. Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цІенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цІа а, стаг а, цуьнан бахам а чІанабоккху. Нийса хир дуй те ас харц терза а, харц герканаш чохь йолу тІоьрмаг а магийтича?
Выбор основного перевода