Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цара шайн бераш цІерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цара, Иза оьгІаз а вохуьйтуш. «Ткъа, масала, цуьнан кІант талорхо хила тарло, нехан цІий а Іенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гІуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, «Ткъа, масала, цуьнан кІант талорхо хила тарло, нехан цІий а Іенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гІуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь, тІера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хІуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цІий цунна шена тІехь а хир ду. Цул тІаьхьа хІордаца доза долчу пачхьалкхашна тІевоьрзур ву и. Царах дукхахъерш цо шен дола йохур ю. Амма цхьана баьччано сацор ду шайна тІе эхь даийтар. Цо иза юьхьІаьржачу хІоттор ву. Іумари-паччахьан парзаш а, Ахьаб-паччахьан цІийнан массо а гІуллакхаш а ахь лардарна а, церан ламасташца шу леларна а, Ас хьо, йохийна, яссор ю, ткъа хьан бахархой, шок а лоькхуш, боьлуьйтур бу. Сан халкъан сийсазалла ахь а хьоьгур ю».
Выбор основного перевода