Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дела, ларахьа уьш бехке! Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна. И харцонаш мел лелораш дІабахахьа Ахьа, Дела, Хьайна дуьхьал уьш бовларна. Ахь таІзар диначарна тІаьхьабевлла лелаш бу уьш. Ахь лазийначеран баланех лаьцна къамелаш деш бу уьш. Церан массо а къинош дІаяздехьа, Хьайн кІелхьарбахаре уьш ма кхачийтахьа. Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дІа ма доккхийла. Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла, царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дІабохийла. Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар.
Выбор основного перевода