Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
И хІума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а чІогІа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар. Амма хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а, Іаьрбихо волу ГІишам а, шайна и хІума дІахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХІун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гІерташ ду?» Санбулат, ТІуби-ЯхІу, Іаьрбихой, Іамминхой, ашдодхой чІогІа оьгІазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гІалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Іуьргаш дІа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дІахезча. ЯхІу-ЯдаІ динан коьрта да волчу Элишубан кІант вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан цхьа кІант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гІалара эккхийна дІавахийтира.
Выбор основного перевода