Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІетахь дуьйна схьа сан белхалойх ах йолу тоба пенна тІехь болх беш яра, ткъа вуьш шайн карахь гоьмукъаш а, турсаш а, секхаІедаш а долуш, тІедуьйхина гІаьгІнаш а долуш ха деш бара. Пенаш деш болчу ЯхІудан нахана тІехьа тІеман хьаькамаш бара лаьтташ. Ткъа коьчал яхьаш берш цхьана куьйгаца болх беш бара, ткъа церан вукху куьйгахь гоьмукъ бара. Болх бечу хенахь пенаш тодеш волчу хІора стеган хаьн тІехь кхозуш тур дара. Ткъа суна уллохь коьман маІа карахь йолу зурманча вара лаьтташ.
Выбор основного перевода