Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. ТІаккха Іийсан мурдаша хаьттира: «Хьалха Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» Іийсас жоп делира: «ХІаъ, Эли-ЯхІус, ван а веана, массо а хІуманна тІехь низам хІоттор ду. Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхІу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КІанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». ТІаккха царна хиира Цо вуьйцуш верг нах хих чекхбоху Яхьъя вуйла. Цара хаьттира Іийсага: «Хьалха Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?» Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама».
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода