Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦІеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. ТІаккха Везачу Эле ларамах буьзна болчара вовшашка олура, ткъа Везачу Элана, тидам бича, цара аьлларг хезира. Цунна хьалха дагалацаман тептар тІехь дІаязъеш яра Везачу Эле ларамах буьзначеран а, Цуьнан цІе лоручеран а цІераш. Вайн Делера болу кІорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогІур ву, Цул тІаьхьа юха а элира Іийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тІаьхьахІоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю». Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама. Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагІатта, вижина Іуьллург, беллачарна юкъара денло, тІаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо $серлавоккхур ву».
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода