Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Малахия
1 2 3 4
Параллельные места
Везачу Элан куьг Цийон-лома тІехь ду, амма Муабин къам ша Іаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна. Сан мостагІчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьІаьржачу хІуттур ву. Сан бІаьргаш Іебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича. ЯхІудан халкъ майра тІемалой санна хир ду, тІамехь, урамашкара хатт санна, мостагІий хьоьшуш долу. ТІом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагІийн дошлой эшор бу, уьш юьхьІаьржачу а хІиттош. СинпаргІато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кІелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Іийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин.
Малахия
1 2 3 4
Выбор основного перевода