Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас кхузахь хІара тІулг хІоттийна, цо хІара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгІа дакъа Цунна юха а лур ду ас». хІунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дІалуш долу уьтталгІа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“». Паччахьан омра дІакхайкхийча, керлачу ялтех а, чагІарх а, даьттанах а, мазах а, аренгара тайп-тайпанчу стоьмех а вуно дукха хІума еара исраилхоша. Шайн долчу дерриг а хьолах уьтталгІа дакъа а деара цара. Адамна мегий те Далла къола дан? Ткъа аша Суна къола до. „ХІун деш къола до оха?“ – хаттар до аша. Шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа Суна цадаларца а, Суна догІу сагІанаш цадахарца а до. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
Выбор основного перевода