Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шовзткъе уьтталгІа шо къобал а де, шайн махкахь Іаш мел волу стаг паргІат а ваккха. МеттахІотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХІора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тІе а, шен тайпане а кхача. Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахІотторан шо тІекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хІусамден дола дер ду. Ткъа гонах пен боцучу шахьаршкахь долу цІенош арарчу лаьттан меха лоруш ду. Уьш мичча хенахь а юхаэца а мега, ткъа меттахІотторан шарахь шайн хьалхалерчу хІусамден юха а дола довлу. Исраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дІа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду. Царна даа кІен сагІанаш а, иштта къинан сагІанаш а, гІуда такхаран сагІанаш а лур ду. Исраил-махкахь Суна лерина мел йолу хІума церан долахь хир ю.
Выбор основного перевода