Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошка, дІахьедар а деш, иштта дІаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь, Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чІагІо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хІунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тІехь къа дуьсур ду. Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Іамминхой Ахьа сан кара схьалахь, со толамца цигара юхавирзинчул тІаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагІина дІалур ду Аса, иза дага а деш». Ши бутт дІабаьллачул тІаьхьа иза шен да волчу юхайирзира. Дас ша Везачу Элана хьалхахь дина долу нигат кхочушдира. Иштта Яптахьан йоІ цкъа а боьршачу стагах ца кхийтира. Ткъа Исраилан махкахь ламаст хилла дІахІоьттира, Цо шен доІанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац». Аса хІара кІант Везачу Элана дІало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гІуллакх деш хир ву хІара». Цо цигахь Везачу Элана Іибадат дира.
Выбор основного перевода