Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма аша цхьа а хІума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хІума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хІаллакьхиллал зен дийр ду аша. Дерриг а дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш а дІакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю». Локхучу маІийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чІоггІа мохь туьйхира – гІалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гІали чу бахара, цара схьаяьккхира иза. Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Іамминхой Ахьа сан кара схьалахь, со толамца цигара юхавирзинчул тІаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагІина дІалур ду Аса, иза дага а деш». Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагІий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагІа даккха».
Выбор основного перевода