Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къинан сагІина а, дийнаташ дагочу сагІина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Іахарна урс хьокхур ду, хІунда аьлча, къинан сагІа санна, къера хиларан долу хІара сагІа динан ден ду. Иза чІогІа деза сагІа ду. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хІунда аьлча Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех деза сагІа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тІедиллина хІума ду». Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
Выбор основного перевода