Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша Делан четар чу воьдуш, АхІарона безачу тІоьрмага тІехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цІераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта. АхІароне а, цуьнан шина кІанте, ЭлиІазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этІаде, шаьш ца далийта а, халкъана тІе Делан оьгІазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цІеро багийначарна тийжа мегар ду. Гуламан четарна чуволучунна уллора дІа ма довла, шаьш хІаллак ца дайта, хІунда аьлча шуна тІехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а. Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дІадахаран Іадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кІадих дина деза духарш тІе а дуьйхина, Стаг вийнарг халкъо чІир йоькхуш волчух кІелхьарваккха а веза, иза дІалечкъина хиллачу гІала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дІакхалххалц.
Выбор основного перевода