Мусас элира АхІароне: «ХІара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчара Со Веза хилар лара деза, ткъа дерриг а халкъана хьалха Сан сийлалла къобалдан деза“». Амма АхІарон вист а ца хуьлура.
ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву.