Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тІехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чІагІде. Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхІаронан коьрта тІе дотта, иза къобал а веш. АхІаронан коьрта тІе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама. Къобалдаран даьтта а, кхерча тІера цІий а, жимма схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан бедаршна а, АхІаронан кІенташна а, церан бедаршна а тІе туьйхира Мусас. Иштта АхІарон а, цуьнан кІентий а, церан бедарш а къобалйира цо. Гуламан четарна чуволучунна уллора дІа ма довла, шаьш хІаллак ца дайта, хІунда аьлча шуна тІехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а.
Выбор основного перевода