Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалІадерчу Явеш-гІалина го бира. Массо а цу гІаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гІуллакх деш лелар ду». ГалІадарчу Явеш-гІалара болчу бахархошна дІахезира пІелаштамхоша Шаулна динарг. Массо а майра стаг гІаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кІентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тІера охьа а даьхна, Явеш-гІала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара. Церан даьІахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гІалахь тамариск цІе йолчу дитта кІелахь дІайоьхкира. ВорхІ дийнахь марха кхебира цара.
Выбор основного перевода