Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тІом бан доьлхучу хенахь?» Везачу Эло жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла».
ТІаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тІекхаччалц яа хІума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагІанаш а, бертан сагІанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха.