Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тІелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета. Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гІиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтІахь ца хилира уьш. Іийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгІат ду. Аша дика гІуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де. Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а,
Выбор основного перевода