Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цуьнца бара накъостий: Берия-гІалара Пирран кІант Сопатар а, Тассалник-гІалара Арестах а, Секант а, Дерби-гІалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихІак а, ТрахІим а. Ткъа сох лаьцна а, сан гІуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гІуллакхдархочо ТихІака дІадуьйцур ду шуна. Шу долчу, тхан гІуллакхех лаьцна шуна дІахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза. Тимапи, хІуъа а дай, суна сихха тІекхачахьара хьо. ХІара дуьне шена дезарна, сох дІа а къаьстина, Тассалник-гІала вахана Деми. Кери-Сака Галата-махка вахана, ткъа Тита Далмати-махка вахана. Лака воцург, кхин цхьа а вац соьца висина. Лаха а лахий, Марк а схьавалавехьа хьайца. Сан балхана тІехь суна пайден хир ву иза. ТихІак Эпас-гІала вахийтина ас.
Выбор основного перевода