Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ХІора вон дитт, цу тІехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цІера юккъехь дагадо. ХІума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТІаккха мискачунна кховдо хІума а хир ю цуьнан. Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хІиттош, ладугІуш болчарна тамехь а долуш. Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а. И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тІехь хьо латта, Делах тешнарш дика гІуллакхаш дарна тІехь кхиамаш баха гІертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду.
Выбор основного перевода