Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Азалера абаденналц декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела! Амин! Амин! ХІара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсан схьаваларх лаьцна долу дІаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахІиман тІаьхьенах хилла. ИбрахІим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхІудан а, цуьнан вежарийн а да, ЯхІуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да. Рам Іамминадабан да хилла, Іамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да, Салман – БоІазан да. БоІазан нана Рахьаб хилла. БоІаз Іабадин да хилла. Іабадин нана Рути хилла. Іабади Юшайн да хилла, Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхІугахь марехь хилла. Сулим-паччахь РахьбуІаман да хилла, РахьбуІам – Аби-ЯхІун да, Аби-ЯхІу – Асин да, Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – Іузи-ЯхІун да, Іузи-ЯхІу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхІун да, Хьузакх-ЯхІу – Маннашан да, Маннаш – Аминан да, Амин – Юши-ЯхІун да, Юши-ЯхІу – Яхун-ЯхІун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дІадигна хилла. Бавел-махкара цІа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхІу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла, Зурбабел – Авадин да хилла, Авади – Элъякъиман да, Элъякъим – Узаран да, Узар – ЦІадукъин да, ЦІадукъа – Ахьмин да, Ахьма – Аладин да, Алади – ЭлиІазаран да, ЭлиІазар – МатІанин да, МатІани – Якъубан да, Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Іийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цІе йоккхуш волу. Іийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кІант вара, ткъа Юсуп Іелин кІант вара, Іела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан, Юсуп Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагІайн, НагІай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу ШамІин, ШамІа Юсахан, Юсах Йовдин, Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран, Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Іелмадин, Іелмади Іаьран, Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хІуманашна Іибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Іибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин! Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту. Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегІ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хІуманна тІехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама. ХІунда аьлча Далла тамехь дара Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар.
Выбор основного перевода