Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ма дуьхьлара ойла ю иза! Поппар а, кхийра пхьегІа ен пхьар а цхьаъ лара мегар ду ткъа? ХІумано ша йинчух лаьцна: «Цо ца йина со», – эр дуй? Ша кхоьллинчух лаьцна: «Иза цхьанна а хІуманах кхеташ вац», – эр дуй хІумано? Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»? Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду.
Выбор основного перевода