Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ДІаала пирІуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кІант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. Юха Дала халкъе хІара дешнаш элира: Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. «Везачу Элан сий Исраил-махкара дІадаьлла», – аьлла, цо шен кІентан цІе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тІорказ мостагІийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цІе кІантана. Цо Шен дош Якъубан тІаьхьенна довзийтина, Шен парзаш а, тІедехкинарш а – Исраилан халкъана. Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тІаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахІиме: „Хьан тІаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.
Выбор основного перевода