Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хІуманаш пирІунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чІагІдийр ду, тІаккха цо халкъ дІахоьцур дац. Амма пирІунан дог а чІагІдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гойтур ду Ас. Амма Везачу Эло чІагІдинера пирІунан дог, цо ла ца дуьйгІира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара. Ас пирІунан дог чІагІдийр ду, тІаккха иза шуна тІаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирІунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТІаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша. Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина.
Выбор основного перевода