Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Іесаллина а, харцдолчунна а тІе стигалшкара Делан оьгІазло гучуйоккхуш ю. Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таІзарш гулдо Делан оьгІазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна. Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дІа а тоттуш, харцдолчунна тІаьхьахІуьттучарна Делан луьралла а, оьгІазло а хир ю. Цара дуьйцу, Делан КІант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгІуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тІейогІу йолчу Делан оьгІазлонах вай кІелхьардоху волу а Іийса ма ву и КІант.
Выбор основного перевода