Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. ХІунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула деана ду. Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тІехь Іожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агІор хьаьжча, шел тІаьхьа вогІу Волчух тера вара Адам.
Выбор основного перевода