Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Товрат-хьехамаша, уьш кхочуш ца бича, Делан оьгІазло хуьлуьйту. Ткъа бакъонаш ца хиллехьара, бакъонаш йохор а нислур дацара. Делахь, товрат-хьехамаш къилахь бу аьлла, жамІ дийр ду вай? Дера дац! Амма суна къалатор хІун ду хуур дацара, сайна товрат-хьехамаш ца бевзинехьара. ХІунда аьлча кхечу стеган хІума дезар суна девзар дацара, нагахь санна товрат-хьехамаша иштта бохуш дацахьара: «Кхечу стеган цхьа а хІума шуна ма дезийла». Амма товрат-хьехамаша бохург бахьана долуш, къино аьтто бина хІума езийта суна чохь тайп-тайпана лаамаш хилийта. Хьехамаш боцучохь къа делла ма ду. ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца.
Выбор основного перевода