Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Іийсас къинхетам бар бахьанехь вай кІелхьардевр хиларх». Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тІедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гІуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло. Цхьа адам Далла муьтІахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтІахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.
Выбор основного перевода