Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Варелаш, шаьш Далла деш долу гІуллакх нахана гайта гІерташ ма лелалаш. Иза аша шайгара далийтахь, шун стигалахь волчу Дегара ял хир яц шуна. Айхьа сагІа лучу хенахь, иза нахе кхайкхо ма гІерта, шалхалла йолчу наха санна, гуламан цІенош чоххьий, ураман некъашкахь шаьш нахе хастадайтархьама. Аса тоьшалла до шуна: царна йогІуш йолу ял иштта а дІакхаьчна шуна. Айхьа мискачунна сагІина хІума лучу хенахь хьайн аьрру куьйге а ма хаийта аьтту куьйго лелош дерг, ЯхІуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чІагІдеш, иракарахІиттош бара уьш. Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. ХІораммо а шен даго боххучул ло, дохко а ца волуш, дала деза аьлла а ца луш. ХІунда аьлча самукъане а волуш луш верг Далла веза. Іийсах тешначийн тобанна дика куьйгалла деш болу тхьамданаш шозза а лара хьакъ долуш бу. Хаза кхаъ кхайкхорна тІехь а, хьехамаш барна тІехь а къахьоьгурш къаьсттина лара беза.
Выбор основного перевода