Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Бекхам а ма бе, оьгІазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву. Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тІе тІара тоьхнехь, аьрру агІор йолу бесни а зуламхочунна тІеерзае. Урхалчаш Далла гІуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХІунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гІоьнчий бу, зулам дечарна догІу таІзар цаьргахула деш ву Дела.
Выбор основного перевода