Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Іибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Іибадат дан деза». Цундела аша шаьш а къинна делла лара. Ткъа шаьш дийна хилар – Делан дуьхьа дехаш хилар лара вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна. КхидІа а шайн догІмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гІирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дІало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догІмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гІуллакхаша лело гІирсаш санна, Цуьнан караяхийта. Нагахь цхьаммо Делан цІа хІаллакдахь, Дала иза хІаллаквийр ву, хІунда аьлча Делан цІа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цІа шу шаьш ду. Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха.
Выбор основного перевода