Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дела вовзар царна мехала хІума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара. Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта. Везачу Элана тамехь дерг хІун ду те бохуш, зуьйш хилалаш. Вайн къинош бахьана долуш Ша дІавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кІелхьардахархьама. Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта. ХІара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хІара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац.
Выбор основного перевода