Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
И сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Іийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш. Муьлххачу тІемалочо, ша эскарехь гІуллакх дечу хенахь, ша-шен гІайгІа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дІа а йоьгІна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Іуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу? Адамаша олучу тайпана хилла Іай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а? ХІунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Оручу стеран бага дІа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза? Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хІунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш. Шун синошна оьшуш долу хІу оха тесна хилча, тІех зен дой те оха шуна, тхайн дегІана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча? Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. Шуна хууш дац ткъа, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагІа доккхучу кхерчана тІехь гІуллакх деш болчара а цу сагІина деанчух дакъа шайна дІаоьций? Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тІедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла. Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хІара дешнаш. Суна валар а гІолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дІадоккхучул. ХІунда аьлча Делан Йозано хІара боху: «Оруш болчу стеран бага дІа ма къовла». Кхин а боху: «Къахьоьгург шена догІу алапа схьаэца хьакъ долуш ву».
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода