Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тІаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла. Тхуна ца лаьа шаьш лакхара хеташ болчу цхьаболчаьрца дустадала а, царах тардала а. Цара, шаьш вовшашца а дустуш, дуьхь-дуьхьал а хІуьттуш, шайн сонталла гойту. Дала тхуна билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашкахь бен дозаллаш дийр дац оха, ткъа билгалдаьккхинчу гІуллакхан дозанашна юкъахь шу ма ду. Тхайна билгалдаьккхинчу дозанел тІех ца девлира тхо, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ шуьга дІа а кхайкхош, шу долчу тхаьш кхаьчча. Дала тхайна деллачу дозанал тІех а девлла, тхаьш дина доцучу гІуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чІагІ а луш, Дала тхаьшна тІедиллинчул тІех а ца довлуш, кхин а дуккха а гІуллакхаш шуна юкъахь дан. ТІаккха шу долчохь кхайкхийна ца Іаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гІуллакхех дозалла дийр дац оха. Йозанашкахь ма-аьлла: «Ша дозалла дан лууш волчо – Везачу Элах дозалла дойла». ХІунда аьлча ша-шех дозалла деш верг къобал ца во, амма Везачу Эло дозалла деш верг къобалво.
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода